Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Шамъалан кІентий шайн дас дІакхехьначу новкъахула лелаш ца хилла. Цара кхаьънаш ийдеш хилла, къайлаха ахча схьа а оьций, харцкхелаш еш хилла. Доьху ас Везачу Эле вайн дегнаш Шена тІедерзор, Цуьнан некъашца вай лелийтархьама. ТІаккха вай кхочушдийр ду Дала вайн дайшна делла долу весеташ а, хьехамаш а, тІедехкинарш а. Вониг даран ойланаш ма яхкийтахьа сан даг чу, харцонаш лелочу адамашца цхьаьна зуламе гІуллакхаш дарх генаваккхахьа со. Церан тойнашкахь ма хилийтахьа со. Уьш хьо волчу схьабогІу, халкъан гуламе богІуш санна. Сан халкъ хьуна хьалха охьахоу, цо хьоьга ла а дугІу, амма цо ахьа бохург кхочуш ца до. Цара хьуна тамехь долу къамелаш до, амма церан дегнаша адам ледарца шайна сā лоху. Цул тІаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БІаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а». Массо а тайпана вочу хІуманан орам – ахчанна сутара хилар ду. Ахчанна тІаьхьа а бевлла, дукхахберш динах дІабирзира. Цундела шаьш-шайга баккхий баланаш хьоьгуьйту цара. Ахчанна тІаьхьадовлий ма лела, шайн долчух тоам бе. Дала Ша ма-аьлла: «Ас цкъа а вуьтур вац хьо, хьох къаьстар а вац Со».
Выбор основного перевода