Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса Сайн куьг хьуна дуьхьал дерзор ду. Аса хьуна тІера боьханиг дІадоккхур ду, тІелеттачух хьо цІанйийр ю. Уьш аьрха нах бу, царна юкъахь мотт беттар даьржина, уьш мекха йиллича кхулуш долчу эчигах а, цІастанах а тера бу. «Адаман кІант! Исраилан халкъ Суна хьалха боьханиг санна хилла дІахІоьттира. Кхерчахь тІехула хІутту гІели а, цІаста а, эчиг а, даш а санна хилира иза. Дети кхерчахь цІандинчул тІаьхьа дисина долу боьханиг санна ду и халкъ! Иза дети лалош а, цІандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цІанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагІанаш цаьрга дахийтархьама.
Выбор основного перевода