Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Валахьа, Веза Эла, Хьайн оьгІазаллица дуьхьал, и оьгІазалла сан мостагІийн дераллина дуьхьал а йоккхуш. Самавалахьа, Сан Дела, меттахІоттаехьа нийсо. Хьалдолу Эла! Кхин дукха Іийр вуй те Хьо сох хуьлучуьнга хьежар бен доцуш? Ахь кІелхьарваккхахьа со церан зуламечу ойланех, лардехьа сан цхьаъ бен доцу дахар цу буьрсачу лоьмех! Веза Эла, алахьа соьга, сан кхалхар маца хир ду а, сан дахаран денош мел дисна а. Мел ду те уьш, Ахь суна дуьнен чохь яккха елла хан мел ю хаархьама. Уьш айдинчу озаца кхайкхира: «Мел Іийр ву те Хьо, Хьалдолу Эла, веза а, тешаме а Верг, Лаьттахь бехаш болчарна кхел ца еш а, тхан цІий Іанорна царна таІзар ца деш а?» – аьлла.
Выбор основного перевода