Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа эсала болчарна тІаьхьалонна латта кхочур ду, машарх а, беркатах а цара дезар оьцур ду. Юххерачу цІена лелаш волчун тергам а бе, догцІеначу нехан леррина тергам а бе, тІаьхье машаран стеган хир йолу дела. хІунда аьлча цара хьан дахаран денош дахдийр ду, дахарехь хьуна беркат а лур ду. Шен дагахь дерг чІагІдийриг Ахь буьззинчу синтемехь ларвийр ву, хІунда аьлча иза Хьох тешна Іаш ву. Нийсоно машар хуьлуьйтур бу, ткъа нийсонан стом – синтем а, сашорте а хир ю абаденналц. Ткъа шен динан вежарий безаш верг серлонгахь Іаш ву – стаг галволуьйтуш дерг а дац цуьнца. И дешнаш кхочушдеш долчу массарна а, Делан долчу Исраилан халкъана а Делан къинхетам а, машар а хуьлийла.
Выбор основного перевода