Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Везачу Эло элира: «ЛадогІа Сан дешнашка! Нагахь санна шун пайхамарш белахьара, Со царна я суьрташкахь дуьхьал хІуттур вара, я гІенашкахь дуьйцур дара Аса цаьрца. Цо гІенах олу стаге я буьйсанан суьртехь, кІорга наб адамна кхеттачу хенахь я шен меттахь стаг Іуьллучу хенахь. ТІаккха церан лерг сама а доккхий, дикка гучу тайпана царна лерина долу Шен дІахьедар до Цо, Ахь дІайоьллу кІорггера къайленаш, хаьа Хьуна боданехь дерг, серло а Хьоьца еха. Даниала паччахье жоп делира: «Паччахь, ахьа хоьттуш йолу къайле хуур яц хьекъалалла долчарна а, эвлаяашна а, бозбунчашна а, палтосучарна а. Амма ву стигалшкахь къайленаш дІайоьллуш волу Дела. Цо дІадоьллу Набухди-Нецар-паччахьна тІаьхьарчу заманчохь хиндерг. Хьо дІавижна волуш хьан коьрта чохь хьуна гина гІан а, сурт а иштта дара: ДІавижна волуш, паччахь, хьо ойла еш вара: „ХІун хир ду те хІинцачул тІаьхьа?“ – бохуш. И къайленаш дІайоьллуш Волчо хьуна хиндерг гайтира. «Цул тІаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Іаь тухур ю дерриг а адамна тІе. ТІаккха шун кІентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Шун баккхийчарна Делера долу гІенаш гур ду. Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхІуьттуш хир бу. Цу сохьта чІогІа мохк бегийра. ГІалин уьтталгІа дакъа доьхна дІадахара. Мохк бегочу хенахь ворхІ эзар адам делира. Ткъа бисинчара, чІогІа кхера а белла, стигаларчу Далла хастамаш бира. Шайн лазарш а, даьІнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гІуллакхех дІа ца боьрзура уьш.
Выбор основного перевода