Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Бавел-махках лаьцна аьлча, иза пачхьалкхийн хазалла а, хашадхойн дозаллин исбаьхьалла а ю. Амма Бавел-гІала, Седам а, Іамор а санна, Дала хІаллакйийр ю. Ткъа хІинца Аса хІара массо а хІума Сайн лай волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІало. Аса аренан акхарой а цунна гІуллакх дан дІало. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Аса аьчка дукъ дуьллур ду цу массо а къаьмнийн коча, уьш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран куьйга кІелахь хилийта. Уьш цунна гІуллакх деш лелар ду. Аса аренан акхарой а цунна дІаелла’“». Цу суьртан корта бара цІеначу деших бина. Цуьнан накха а, цуьнан куьйгаш а детих дина дара. Цуьнан гай а, гІогІаш а цІестан дара. хІара ду цуьнан маьІна, Веза Воккхачу Дала билгал а даьккхина, хьуна, сан эла, паччахьна, хила кечдинарг: адамех хьо дІакъастор ву. Дийнаташца хьан вахар хир ду. Старана санна, бецаш яор ю хьуна. Стигаларчу тхино тІадор ву хьо. ВорхІ зама дІаер ю, адамийн пачхьалкхаш тІехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларх а, уьш Цо Шена луъучунна луш хиларх а хьо кхетале.
Выбор основного перевода