Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Боданехь хьулдинарг а Цо гучудоккху, Цо Іожаллин бода а серлонга боккху. qac Пqac*аргІат юкъаметтиг ю Везачу Элан Шега ларамах буьзначаьрца, Шен барт а Цо царна бовзуьйту. ДІалачкъалур вуй стаг Суна ца гучу меттехь? – боху Везачу Эло. – Стигалахь я лаьттахь Со воцу меттиг ю ткъа? – боху Везачу Эло. – Шеца безачу деланийн са долуш цхьа къонах ву хьан пачхьалкхехь. Деланашкара долуш санна, серло, хьекъал, хьекъалалла цуьнгахь карийнера, хьан дас олалла динчу хенахь. ХІетахь хьан дас Набухди-Нецар-паччахьо и къонах, бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а, палтуьйсучарна а тІехь коьртаниг а вина, дІахІоттийнера. И динера хьан дас ша паччахь волуш, Хьоьца безачу деланийн са хиларх а, серло а, кхетам а, лаккхара хьекъалалла а хьоьгахь карорах а лаьцна суна хезна. Цундела хенал хьалха, Веза Эла схьаваллалц, цхьанна а кхел ма елаш. Цо серладоккхур ду боданехь къайладаьлларг, деган Іалашонаш а гучуйохур ю. ТІаккха Дала хІоранна а хастам дІалур бу. И цхьаъ бен вац Іожалла тІейогІур йоцург. Цхьа а адам тІекхочийла доцучу нуьрехь Іаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин. Чохь са долу хІума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бІаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай. Муьлхха а дика а, кхачаме а совгІат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догІу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац. Тхуна Цуьнан КІантера хезна болу а, оха шуна дІакхайкхош болу а кхаъ хІара бу: Дела – серло ю, Цуьнца цхьа а тайпа бода бац.
Выбор основного перевода