Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Стигаларчу Дала, Везачу Эло валийна со сайн ден цІийнера, со винчу махкара кху лаьтта тІе. ХІара латта сан доьзалан хир ду аьлла, чІагІо йинчу Везачу Эло Шен малик дохуьйтур ду хьуна хьалха даьккхина, хьоьга сан кІантана цигара йолу зуда харжийта. «Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга Аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу Ярушалайме а гІойла». «Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. Амма тхан дайша стигалара Дела оьгІазвахийтира. ТІаккха Дала Бавел-мехкан паччахь волчу хашадхочун Набухди-Нецаран кара дІабелира тхан дай. Набухди-Нецара Делан цІа доха а дина, халкъ Бавеле дІадигира. qac Чqac*ІогІа ларам Шега болчеран лаам Цо кхочушбо, церан мохь а хезий, уьш кІелхьарбоху. Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо аьлла, дийна волу Дела емалвеш долу дешнаш хьан Везачу Далла дІахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таІзар дан тарло, Шена дІахезна дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доІа дехьа“». „Орца даккха Соьга, ткъа Ас жоп лур ду хьуна. Ас даккхий а, дІахьулдина а хІуманаш дІакхайкхор ду хьуна, хьалха хьуна хиъна доцу. Ткъа тхан Хьалдолу Дела къинхетаме а ву, гечдеш а ву, Шена дуьхьал тхо эргІаддевллехь а.
Выбор основного перевода