Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Зудабераш, паччахьца хиллачул тІаьхьа, кхечу метте схьагулдечу хенахь Мардахай паччахьан кевнна уллохь шена тІедиллина долу гІуллакхаш деш хилла. Мардахай паччахьан кевнна уллохь шена тІехь долу гІуллакх деш волчу хенахь, цунна хиира, паччахьан цІа чу боьду некъ ларбеш болчарах ши гІаролхо волу БагІтани а, Тараш а, Ахьаш-Варушана оьгІаз а вахана, иза вен барт беш вуйла. ТІаккха Набухди-Нецар-паччахьо схьакхайкхира тхьамданаш, мехкадай, куьйгалхой, коьрта кхелахой, хазна Іалашйийраш, бакъонаш лелораш, кхелан нийсо ларйийраш, иштта кхин болу мехкан хьаькамаш а, и дайтина сурт даздеш, дІаделларна хІоттийначу дезачу дийнахь схьадуьйла аьлла. Амма ахь Бавел-махка тІехь гІуллакх дан хІоттийначу къонахоша кхочуш ца до, ва паччахь, хьан омра. Уьш бу Шадрак а, Мешак а, Іабди-Нага а цІе йолу яхІудхой. Хьан деланаш а ца лору цара, ахь дІахІоттийначу деших динчу суьртана Іибадат а ца до цара».
Выбор основного перевода