Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Зуламаш дечеран гІуллакхаш иштта ца хуьлу! Уьш мохо дІасахьоькху чан санна ма бу. qac Еqac*рриг а хан дукха ер яц, ткъа Іесаниг кхин хир а вац. И хиллачу метте хьо дІахьаьжча, цигахь иза хир ма вац. ТІаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цІа лаьтташ болу лам массо а лаьмнийн коьрте дІахІоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, цунна тІе дерриг а халкъаш оьхур ду. Дуккха а халкъаш тІедогІур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тІе а, Якъубан Делан цІа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТІаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХІунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тІера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду. И бахьана долуш уьш Іуьйренан дохк санна а, хьалххехь дІадолу тхи санна а хир бу, хьаьттара мохо дІахьоькху ялтин нехаш санна а, биргІанан чуьра хьалаболу кІур санна а. Цу тІулга тІе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тІулг цхьанна тІебоьжча, цо иза хьошур ву». Іийсас, леррина цаьрга а хьаьжна, элира: «ХІун маьІна долуш ду Делан Йозанан дешнаш: „ГІишло еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг хилла, дІахІоьттина“? Муьлхха а оцу тІулга тІе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тІулг цхьанна тІе боьжча, цо хьошур ву». Охьавеанарг а, Шеца массо а хІума дузархьама, массо а стигалел Лакхаваьлларг а Цхьаъ ву. Цул тІаьхьа суна гира йоккха кІайн басахь йолу Іарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира.
Выбор основного перевода