Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха, корта лаьтта кхаччалц паччахьна хьалха охьа а таІийна, Бат-ШабаІа элира: «Вехийла сан паччахь волу олахо абаденналц!» ТІаккха аса паччахье элира: «Паччахь гуттара а вехийла! ГІайгІанна сан юьхь кхоьлина муха хир яц, сан дай дІабоьхкина йолу гІала йохийна лаьтташ хилча, цу гІалин кевнаш а дагийна хилча!» Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тІехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Іебархойн маттахь ма дийца тхоьца». Цара Набухди-Нецар-паччахье элира: «Паччахь, вехийла хьо даим! Ткъа паччахьан нана, паччахьан а, цуьнан уллорчу куьйгалхойн а къамелаш шена хазар бахьана долуш, чуеара. Къамел долош, цо элира: «Паччахь, вехийла хьо даим! Хьан ойланаша ма хьийзавойла хьо, юьхьсибат ма хийцалойла хьан! Цу элаша а, тхьамданаша а къайлаха барт бира паччахьна тІебаха. Шаьш паччахь волчу баьхкича, цуьнга иштта элира цара: «Дари-Ваша-паччахь! Вехийла хьо даим! ТІаккха Даниала паччахье элира: «Паччахь! Вехийла хьо даим!
Выбор основного перевода