Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Набухди-Нецара паччахьалла дечу шолгІачу шарахь цунна гора гІенаш. Уьш бахьана долуш синтем боцуш а, наб яйна а вара иза. Паччахьо омра дира, бозбунчаш, палтуьйсурш, жинашца тайнарш, седа-жайна хьовсурш схьакхайкха аьлла, цаьрга шена гІенах гина суьрташ схьадийцийтархьама. Уьш, баьхкина, паччахьна хьалха дІахІиттира. ТІаккха паччахьо элира цаьрга: «Суна гІан гина. Сан сагатделла. Сайн гІенах кхета лаьа суна». Седа-жайна хьовсучара арамхойн маттахь элира паччахье: «Паччахь! Вехийла хьо даим! Дийцахь хьайн лешка и гІан, тІаккха дуьйцур ду оха цуьнан маьІна». Паччахьо, жоп луш, элира седа-жайна хьовсучаьрга: «Ас чІагІо йина, нагахь санна аша сан гІан а, цуьнан маьІна а суна ца дийцахь, шух, аьтта, кескаш яйта а, шун цІенойх саьлнаш йита а. Нагахь санна аша сан гІан а, цуьнан маьІна а дийцахь, соьгара совгІаташ а, сийлахь-боккха ларам а хир бу шуна. Дийца хІинца сан гІан а, цуьнан маьІна а». ШолгІа а цара дийхира паччахье: «Дийцахьа, паччахь, хьайн лешка хьайна гина гІан, тІаккха туьдур ду оха цуьнан маьІна». Паччахьо элира, жоп луш: «Билггала хаьа суна, ас чІагІо йинийла хууш, шу хан ялийта гІертий. Сан гІан аша соьга ца дийцахь, шуна массарна а цхьатерра таІзар дийр ду. Шу дохку соьга, хан а ялийтина, доцург дийца а, аьшпаш ботта а. Дийца сан гІан, тІаккха хуур ду суна цуьнан маьІна шуна хаьа я ца хаьа». Седа-жайна хьовсучара элира паччахье: «Дац-кх хІокху лаьтта тІехь цхьа а адам и гІуллакх паччахье дийцалур долуш, цундела цхьана а сийлахь а, нуьцкъала а волчу паччахьо и саннарг тІедожийна дацара цхьана а бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а. Ша деланаш боцучарна, цхьанна а хуур доцуш, тІех хала ду паччахьо тІедожийна и гІуллакх. Ткъа уьш кху лаьтта тІехь бехаш бац». И хезча, чуьравелира паччахь, чІогІа оьгІазвахара иза. ТІаккха цо омра дира, бавелхойн берриге а хьекъале нах хІаллакбе аьлла. Паччахьо дина и омра чІогІа а хилла, пеш сов тІех цІиййина хилар бахьана долуш, цІеран алуно багийна байира Шадрак а, Мешак а, Іабди-Нага а пеша чу кхиссина болу нах.
Выбор основного перевода