Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ЧІогІа мохь туьйхира паччахьо, бозбунчаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а схьабалабе аьлла. Уьш чубалийча, паччахьо Бавел-мехкан хьекъалалла долчаьрга элира: «ХІара йоза деша а дешна, цуьнан маьІна соьга дийцинчунна паччахьниг санна долу цІен духар а лур ду, цуьнан коча дешин зІе а уллур ю. Пачхьалкхехь даржехь кхоалгІаниг лоруш олахо а вийр ву аса цунах». Ткъа хьох лаьцна суна хезнера дуьйцуш, маьІна дан а, хала долу хІума цхьалхадаккха а хьуна хаьа аьлла. Делахь, хІара яздина долу йоза деша а дешна, ахь цуьнан маьІна дахь, хьуна паччахьниг санна долу цІен духар а тІедухур ду, иштта дашо зІе хир ю хьан кочахь, цул сов, сан пачхьалкхехь даржехь кхоалгІаниг а волуш, олахо хир ву хьох!» ТІаккха, Белшацаран омрица, Даниална, и вазвеш, паччахьниг санна долу цІен духар а тІекхоьллира, коча дашо зІе а оьллира, иза пачхьалкхехь даржехь кхоалгІа олахо ву аьлла, дІа а кхайкхийра.
Выбор основного перевода