Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
«Тхойшинне а гІан гина, – жоп делира цара, – ткъа цунах дерг кхето стаг вац». Юсупа элира цаьрга: «Кхетор Делера дац ткъа? Дийцал суна шайн гІенаш». ТІаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цІа лаьтташ болу лам массо а лаьмнийн коьрте дІахІоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, цунна тІе дерриг а халкъаш оьхур ду. ТІаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цІийнан лам массо а лаьмнийн коьрте дІахІоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, ткъа цунна тІе халкъаш оьхур ду. ТІаьххьара а безачу деланийн са шеца долу, Бел-Ташацар цІе йолу Даниал веара суна тІе. (И цІе сан делан цІарах схьаяьлла ю.) Цуьнга дІадийцира аса сайн гІан: Ткъа вайна Дала Шен Синца дІадиллина иза, хІунда аьлча Делан Сино дерриг а толлу, ур-атталла Делан кІоргенаш а. Адамех хьанна хаьа, кхечу адамна чохь дерг, цу адамна чохь долчу шен синна бен? Иштта Делан ойланаш а ца евза цхьанна а, Делан Шен Синна бен.
Выбор основного перевода