Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Дийнна ши шо чекхдаьлча, пирІунна гІан гира: ша Нил цІе йолчу хина йистехь лаьтташ, хи чуьра берстана а, хаза а ворхІ етт, хьала а баьлла, эрзашкахь бажа хІоьттира. Царна тІаьххье кхин ворхІ етт схьабелира Нил чуьра. И бежанаш гІийла а, ирча а дара. Берда тІехь вукхарна юххе дІахІиттира уьш. ГІийлачу бежанаша дерстанаш диира. Эццахь пирІун самавелира. Юха иза дІавижча, кхин гІан гира цунна: цхьана гІода тІехь буьззина а, хаза а ворхІ кан бара. Юха царна тІаьххье хьалабелира кхин ворхІ кан. Уьш гІийла а, малхбалерчу мохо багийна а бара. ГІийлачу кенаша дуьззина долу кенаш дІадиира. Самаваьллачу пирІунна иза гІан дуйла хиира. Іуьйранна синтем байна вара иза. Мисар-махкара массо а бозбунча а, хьекъал долу стаг а схьа а кхайкхина, царна шен гІенаш дийцира цо. Амма цхьанна а церан маьІна дан ца хиира. Цо гІенах олу стаге я буьйсанан суьртехь, кІорга наб адамна кхеттачу хенахь я шен меттахь стаг Іуьллучу хенахь. ТІаккха церан лерг сама а доккхий, дикка гучу тайпана царна лерина долу Шен дІахьедар до Цо, Цу буьйсанна наб яйнера паччахьан. Цо, шен пачхьалкхехь хуьлуш долу массо а хІума дІаяздеш долу тептар схьа а даийтина, иза шена дешийтира. Амма, со кхеравеш, суна гинчу гІено а, вижначохь аса йинчу ойланаша а, суна дуьхьал хІуьттучу суьрташа а синтем байира сан. ТІаккха аса омра дира, Бавел-махкара берриге а хьекъалалла дерш схьабалабе аьлла, цаьрга сайна гинчу гІенан маьІна тидийтархьама. ХІетахь баьхкира бозбунчаш а, эвлаяаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а. Аса сайн гІан цаьрга дийцира, амма царна ца хиира цуьнан маьІна. ТІаьххьара а безачу деланийн са шеца долу, Бел-Ташацар цІе йолу Даниал веара суна тІе. (И цІе сан делан цІарах схьаяьлла ю.) Цуьнга дІадийцира аса сайн гІан: Цул тІаьхьа паччахь, шен цІийнан гІишло чу а вахана, юург а ца юуш, дІавижира, ур-атталла цхьана а тайпана шен самукъадаккхар а ца магош. Амма наб яйнера цуьнан.
Выбор основного перевода