Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ХІунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цІе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Іаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтІахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтІахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду. Шеца безачу деланийн са долуш цхьа къонах ву хьан пачхьалкхехь. Деланашкара долуш санна, серло, хьекъал, хьекъалалла цуьнгахь карийнера, хьан дас олалла динчу хенахь. ХІетахь хьан дас Набухди-Нецар-паччахьо и къонах, бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а, палтуьйсучарна а тІехь коьртаниг а вина, дІахІоттийнера. И динера хьан дас ша паччахь волуш, Хьоьца безачу деланийн са хиларх а, серло а, кхетам а, лаккхара хьекъалалла а хьоьгахь карорах а лаьцна суна хезна.
Выбор основного перевода