Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Уьш хила безара шайн догІмашца цхьа а сакхталла а йоцуш, юьхьсибатца хаза а болуш, муьлхха а Іилма Іамо кхетам а болуш, Іилма девзаш а болуш, кІорггера хьекъал а долуш, паччахьан цІа чохь гІуллакх дан ларор болу къонахой. Царна Іамор ду хашадийн мотт бийца а, цу маттахь долу тайп-тайпанара тептарш деша а. Иштта паччахьо тІедиллира хІора дийнахь царна шен цІа чуьра мала чагІар далар а, яа хІума ялар а. КхидІа а тІедиллира цо и къонахой кхаа шарахь кхетош-кхиор а, и хан дІаяьлча, уьш шена тІебалор а. Цу къонахошна юкъахь бара ЯхІудан тІаьхьенах болу Даниал а, Хьанан-ЯхІу а, Мишаал а, Іазар-ЯхІу а. Паччахьан кертара хьаькамийн коьртачу куьйгалхочо церан цІераш хийцира. Даниалх – Бел-Ташацар элира, Хьанан-ЯхІух – Шадрак элира, Мишаалах – Мешак элира, ткъа Іазар-ЯхІуна Іабди-Нага боху цІе тиллира. Ша цаьрца къамелаш дича, паччахьна билгалделира цу массо а къонахошна юкъахь цхьа а Даниале а, Хьанан-ЯхІуга а, Мишаале а, Іазар-ЯхІуга а кхочуш ца хилар. ТІаккха хІорш бисира паччахьан кертахь гІуллакх дан. Муьлххачу а хьекъал-кхетам оьшучу гІуллакхехь а, паччахьо хІуъа хаттар дича а, цунна карабора уьш уьттазза алсам хууш шен пачхьалкхера мел болчу бозбунчел а, эвлаяэл а.
Выбор основного перевода