Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха гуламе гулбеллачу массарна а хьалха, Веза Эла декъалвеш, Дауд-паччахьо элира: «Азалера абаденналц декъала ву Хьо, Веза Эла, тхан ден Исраилан Дела. Юха а левихойх болу ЮшаІ а, Кхадмиал а, Бани а, Хьашбин-ЯхІу а, Шараб-ЯхІу а, ХІуди-ЯхІу а, Шабни-ЯхІу а, Патахь-ЯхІу а къамелаш дан буьйлабелира. Цара бохура: «Хьала а гІовттий, шайн Везачу Далла хастамаш бан дуьйлало. Азалера дуьйна абадене кхаччалц хастамаш бе Цунна. Хьан сийлахь цІе адамаша хестайойла, иза массо а хастамел а, декъалаллел а лекха хуьлийла! Делехь ду хьекъалалла а, ницкъ а, иштта Цуьнгахь бу хьехам а, кхетам а. Хастам хуьлийла Везачу Элан цІарна таханлерчу дийнахь дуьйна массо а ханна. Хьан хьехамаш баккхий а бу, Хьан гІуллакхаш нуьцкъала а ду. Хьан бІаьргашна гуш ду адамаша мел деш дерг, Ахьа хІоранна а цо диначуьнга хьаьжжина, цунна доггІург дІало. Ахь хуьйцу-кх хенаш а, заманаш а, дІа а боху, хІитта а бо паччахьаш. Ахь кхетам болчарна кхетамалла ло, хьекъал долчарна хьекъалалла ло. Ахь дІайоьллу кІорггера къайленаш, хаьа Хьуна боданехь дерг, серло а Хьоьца еха. Ас хеставо Хьо, ваз а во Хьо, сан дайн Дела, Ахь хьекъал а, ницкъ а суна делла дела. Оха Хьайга дехнарг суна дели Ахь, паччахьан гІуллакх а довзийти Ахь тхуна». «Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргІатдаьккхина. Цара, аз чІагІ а деш, олура: «Бийна болу Іахар хьакъ долуш бу нуьцкъалалла а, хьал а, хьекъалалла а, чІагІо а, ларам а, сийлалла а, хастам а дІаэца».
Выбор основного перевода