Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цул тІаьхьа со лаьтташ волчу метте тІевеара иза. И тІевеача, кхеравелла, бертал охьавуьйжира со. Цо элира соьга: «Хаалахь, адаман кІант, хІара сурт дуьненан чаккхенан заманца дозуш дуйла!» Кипа чоьхьа ваьлча, Корнил, цунна дуьхьал а веана, цуьнан когашка гора вуьйжира. Зевс цІе йолчу цІунна лерина цІа дара гІаланал арахьа. Цу цІа чохь гІуллакх деш волчу стага стерчий а далийра, зезагийн кочарш а деара гІалин кевне, нахаца векалшна лерина сагІа даккхархьама. Царна моьттура, я цуьнан куьг дестар ду, я иза цІеххьана велла охьавужур ву. Уьш бехха Іийра цуьнга хьоьжуш, амма ПахІална хІумма а ца хилира. ТІаккха шайн ойла хийцира цара, иза цхьа Дела ву аьлла. Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Іибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гІуллакх деш дерг, хьо а, Іийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Іибадат! ХІунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Іийсах лаьцна долу тоьшалла ду».
Выбор основного перевода