Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Нагахь санна аша сан гІан а, цуьнан маьІна а дийцахь, соьгара совгІаташ а, сийлахь-боккха ларам а хир бу шуна. Дийца хІинца сан гІан а, цуьнан маьІна а». ТІех хаза гІаш а, шортта стоьмаш а, массарна тоъал юург а яра цунна тІехь. Аренашкара дийнаташна цу диттана кІел ІиндагІ карадора. Стигалшкара олхазарша цуьнан гаьннашна юккъехь бенаш дора. Цуьнан стоьмаш массо а са долчу хІумано дуура. Шеца безачу деланийн са долуш цхьа къонах ву хьан пачхьалкхехь. Деланашкара долуш санна, серло, хьекъал, хьекъалалла цуьнгахь карийнера, хьан дас олалла динчу хенахь. ХІетахь хьан дас Набухди-Нецар-паччахьо и къонах, бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а, палтуьйсучарна а тІехь коьртаниг а вина, дІахІоттийнера. И динера хьан дас ша паччахь волуш,
Выбор основного перевода