Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ткъа йоьалгІа пачхьалкх хир ю, эчиг санна, чІогІа. Эчиго массо а хІума йохаяре а, атаре а терра, иштта и пачхьалкх а хир ю, массо а хІума хІаллакдеш долу эчиг санна, ерриг а хьалхалера пачхьалкхаш отуш, йохош. Ткъа хьуна гина болу когаш а, когийн пІелгаш а, цхьа дакъа кхийрачу поппарх, важа дакъа эчигах лаьтташ долу, – иза хир ю екъаелла пачхьалкх. Цуьнца жимма эчиган чІагІо хир ю, хІунда аьлча хьуна гира эчиг кхийран поппарх эделла. Когийн пІелгаш эдинчу эчигах а, поппарх а дина хиларе терра, иштта и пачхьалкх а хир ю цхьайолу меттигаш чІогІа йолуш, вуьш экам йолуш. Ткъа хьуна гина долу, кхийран поппарца эдина долу эчиг иза – оцу пачхьалкхийн урхалчаш адаман хІуьнца, вовшашлахь захалонаш деш, элур бу бохург ду. Амма эчиг а, поппар а цхьаьна ца эдаларе терра, и пачхьалкхаш цхьаьнакхетар яц.
Выбор основного перевода