Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Іуьйранна синтем байна вара иза. Мисар-махкара массо а бозбунча а, хьекъал долу стаг а схьа а кхайкхина, царна шен гІенаш дийцира цо. Амма цхьанна а церан маьІна дан ца хиира. ТІаккха пирІуно шен хьекъал долу нах а, бозбунчаш а схьакхайкхира. Цара, жиналла а лелийна, АхІарона диннарг дира. Цу коьртачу куьйгалхочо Даниале элира: «Кхоьру со сайн олахочух, сайн паччахьах. Цо ша хІоттийна шуна и даар-малар далар. Нагахь санна цунна шун хенара болчу къонахойл шун яххьаш гІелъелла гахь, сан корта боккхуьйтур бу аш паччахье». ЧІогІа мохь туьйхира паччахьо, бозбунчаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а схьабалабе аьлла. Уьш чубалийча, паччахьо Бавел-мехкан хьекъалалла долчаьрга элира: «ХІара йоза деша а дешна, цуьнан маьІна соьга дийцинчунна паччахьниг санна долу цІен духар а лур ду, цуьнан коча дешин зІе а уллур ю. Пачхьалкхехь даржехь кхоалгІаниг лоруш олахо а вийр ву аса цунах».
Выбор основного перевода