Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. «Паччахьийн а паччахь волчу Артахь-Шаштера динан да волчу Іезаре, Делан кхоччуш болчу товрат-хьехамаш тІехь Іелам стаг а волчу, иштта кхидІа а. Кест-кеста Дала олура, ткъа суна иза дукхазза а хезара: ницкъ а, ва Дела, Хьоьгахь бу, Везачу Эло Бавеле боху: «Тийналлехь а Іе, бодашка дІа а гІо, хашадхойн йоІ санна йолу гІала. Кхин цкъа а эр дац хьох пачхьалкхийн зуда-паччахь. Ткъа хІинца Аса хІара массо а хІума Сайн лай волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІало. Аса аренан акхарой а цунна гІуллакх дан дІало. Массо а халкъаш цунна а, цуьнан кІантана а, цуьнан кІентан кІантана а гІуллакх деш хир ду. Иза иштта хир ду, Бавел эшна хир йолу заман тІекхаччалц. ТІаккха дуккха а къаьмнаша а, сийлахьчу паччахьаша а Бавел-мохк муьтІахь бийр бу. Хьалдолчу Эло иштта боху: „Ас Цора-гІалина дуьхьалваккха къилбаседехьара Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьавалор ву. Иза паччахьийн паччахь ву. Иза дуккха а адамийн эскарца а, говрашца а, гІудалкхашца а, дошлошца а схьавогІур ву. Ва паччахь! Веза Воккхачу Дала хьан дена, Набухди-Нецарна, совгІат а дина, паччахьалла а, возалла а, сийлалла а, цІе яккхар а деллера.
Выбор основного перевода