Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ХІора адамо царна хьалха ша лахдо, хІора стаг царна охьатаьІа. Царна геч ма дехьа! Ткъа хьуна гІуллакх ца до пачхьалкхаш а, халкъаш а чекхдовллалц хІаллакдийр ду. И паччахь хьекъал долуш хиларна, тешнабехк барехь аьтто хуьлуш хир ву. Цуьнан даг чу куралла южур ю. ДІахьедар а ца деш, халкъашна юкъара дукхахберш цо цІеххьана хІаллакбийр бу. Уггар а лакхара волчу паччахьна дуьхьал вер ву иза, ткъа иза хІаллаквийр ву, амма иза адаман карах хир дац. Соьга жоп а луш, цо элира: «Иза Везачу Элан дош ду, Зурбабеле аьлла долу. Цу дашо боху: „Эскарца а, ницкъаца а доцуш, ткъа Сан Синца, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала. – Цу тІулга тІе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тІулг цхьанна тІебоьжча, цо иза хьошур ву». Іийсас, леррина цаьрга а хьаьжна, элира: «ХІун маьІна долуш ду Делан Йозанан дешнаш: „ГІишло еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг хилла, дІахІоьттина“? Муьлхха а оцу тІулга тІе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тІулг цхьанна тІе боьжча, цо хьошур ву».
Выбор основного перевода