Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Хьан Веза Дела – деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо. Ахь дІайоьллу кІорггера къайленаш, хаьа Хьуна боданехь дерг, серло а Хьоьца еха. Амма ву стигалшкахь къайленаш дІайоьллуш волу Дела. Цо дІадоьллу Набухди-Нецар-паччахьна тІаьхьарчу заманчохь хиндерг. Хьо дІавижна волуш хьан коьрта чохь хьуна гина гІан а, сурт а иштта дара: Цу паччахьо шена луъург а, дагадеънарг а дийр ду. Иза муьлххачу делал лакха а вер ву, кура а вер ву. Деланашна тІехь а Дела верг емал а веш, луьйр ву иза. Делан оьгІазло хиллалц иза тоьлур ву, хІунда аьлча билгалдаьккхинарг кхочушхир ду. Оцу чувеанчу стеган деган къайленаш массарна гучуевр ю. ТІаккха цо, гора а хІоьттина, Далла Іибадат а деш, эр ду: «Шуна юкъахь билггал Дела ву!» Іийса кху дуьнен чу схьавар шен хан тІекхаьчча гойтур ду Дала – декъала а, Ша цхьаъ бен воцу Нуьцкъалхо а, паччахьийн Паччахь а, олахойн а Олахо а ву Иза. Цара Іахарца тІом бийр бу. Ткъа Іахаро царна тІехь толам боккхур бу, хІунда аьлча Иза ву олахойн Олахо а, паччахьийн Паччахь а. Ткъа Цуьнца берш бу Цо кхайкхинарш а, къастийнарш а, тешаме берш а».
Выбор основного перевода