Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Везачу Эло цхьаьнга къелла кховдайо, вукхуьнга хьал ло, цхьаннан цІе йожайо, вукхуьнан хьала а йоккху. Везачу Эло къен верг чена юккъера хьалаайаво, овкъарш юккъера мисканиг схьавоккху. Иза хьалдолчаьрца нийсса дІахІоттаво, цаьрга паччахьаллин сийнна шерет дойту. Дуьненан бух Везачу Элан ма бу, цу тІехь Латта ДІахІоттийнарг а Иза ву. Іедал девзаш болчу массо а хьехамчашца пачхьалкхан гІуллакхаш лелош вара паччахь. Цундела цо дІаяхана йолу зама евзаш болчу хьекъалалла долчаьрга хатта сацам бира, ша хІун дан деза аьлла. Паччахьашна тІера хаза духарш дІа а дохий, лейн бедарш царна тІеюхуьйту Цо. ХІунда аьлча малхбалера а, малхбузера схьа а, я яьссачу аренгара схьа а дац стеган лекха хилар, амма Дела ву Кхелахо: Цо цхьаъ охьатаІаво, ткъа важа лакхавоккху. ХІунда аьлча Везачу Эло хьекъалалла а ло, хаар а, кхетам а Цуьнан багахула ара а болу. Далла уллора долчу гІарол-маликийн омрано билгалдаьккхина а дара, Далла уллохь болчеран кхелаца хІоттийна а дара, бехачарна хаийтархьама, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхашкахь олалла дойла а, уьш Шена луучунна Цо луш хилар а, адамашна юкъахь уггар а ларамза волчунна царна тІехь олалла далар а’. Хьуна гина долу доккха а, онда а дитт, стигала кхаччалц лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара. Цо жоп делира: «Дадас Шен бакъонца ехкина хенаш а, денош а хаар шун гІуллакх дац. ХІора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтІахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дІахІиттийна бу. Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду.
Выбор основного перевода