20
Цо элира: «Хаьий хьуна, хІунда веана со хьо волчу? Хаалахь, „бакъдолчун тептар“ тІехь дІаяздина дерг хьоьга дІахаийта веана со. Хьаххийначуьра аьлча, со хІинца Парси-мехкан элаца тІом бан юхавоьрзур ву, ткъа цул тІаьхьа грекахойн элан рагІ кхочур ю. Цу тІе аьлча, шун эла волу Микаал воцург, цхьа а вац-кх оцу элашна дуьхьал аса бечу къийсамехь суна гІо дийр долуш.