Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо шена дукха говраш а ма гулйойла, нах Мисар-махка а ма бахийтойла, шена кхин говраш хилийтархьама, хІунда аьлча Везачу Эло шуьга аьлла дара: „Мисар-махка юха ма дуьйлалаш“. Цу наха Везачу Элера болчу хааме ла ца дуьйгІира, уьш Мисар-махкахь йолчу Тахьпанхьас-гІала дІабахара. Суна дийнаташ дайина сагІанаш а дохий, оцу дийнатийн жижиг доу цара. Везачу Элана тамехь дац иза. Ткъа хІинца Везачу Эло тидам бийр бу цара динчу зуламийн, цара летийна къинош бахьана долуш, Цо таІзар дийр ду: уьш Мисар-махка юхаберзор бу». Уьш Везачу Элан лаьтта тІехь бехар бац: эпраймхой а Мисар-махка юхабоьрзур бу, цара Ашур-махкахь хьарамниг юур ю.
Выбор основного перевода