Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аша цигахь кхечу деланашна Іибадат дийр ду. И деланаш адамаша шайн куьйгашца бина хир бу дечигах а, тІулгах а, царна хІумма а ца го, хІумма а ца хеза, цаьрга хІумма а яа ца ло, царна цхьа а хьожа а ца йогІу. Амма Ашур-мехкан паччахьна хааделира ХІушаІа шена дуьхьал барт бина хилар. ХІушаІа Мисар-мехкан Су-паччахьна тІе геланчаш хьажийнера, ткъа Ашур-мехкан паччахьна, ша хьалха луш ма-хиллара, ял ца еллера цо. Цундела Ашур-мехкан паччахьо, ХІушаІ дІа а лаьцна, иза набахти чу воьллира. ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш дІалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гІала. Исраилхой, Ашур-махка дІа а бигна, Хьалахь-гІалахь а, Газун-кІоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо. ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тІеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхІалгІа шо долуш, цо ЯхІу-Яхина йийсар дира. Цул тІаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дІабигира. Иштта, йийсаре дІадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхІуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира. ЦІадукъ-ЯхІун кІентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бІаьрг а баьккхина, цІестан буржалш а тоьхна, Бавеле дІавигира. Паччахьан гІаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гІишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агІор бевлларш а йийсаре дІабигира. Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дІахІоьттича. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. Цундела Аса шу, кху лаьтта тІера дІа а кхиссина, шуна а, я шун дайшна а девзаш доцучу махка дІадохуьйтур ду. Цигахь лелар ду шу дийнахь а, буса а кхечу деланашна Іамал еш, ткъа Аса шух къинхетам бийр бац“».
Выбор основного перевода