Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шен хеннахь догІанаш доуьйтур ду шуна, тІаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу. Ас шун лаьттана шен-шен хенахь догІа лур ду, хьалххе догІург а, тІаьхьо догІург а. ТІаккха аша шайн ялта а схьагулдийр ду, шайн чагІар а, шайн зайтдаьтта а доккхур ду. ТІаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тІебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгІачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гІуллакхашна тІехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама». Шу иштта лелахь, шун Везачу Дала шу декъалдийр ду, Ша шуьга ма-аллара. Аша дуккха а долчу халкъашна юхалург а лур ду, ткъа цаьргара юхалург хІумма схьа а оьцур яц. Аша дуккха а халкъашна тІехь олалла дийр ду, ткъа цара шуна тІехь олалла дийр дац.
Выбор основного перевода