Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун лаьттах схьадаьлларг а, аш къахьегнарг а шуна девзаш доцучу халкъо дуур ду. Массо а хенахь ницкъ беш а, охьатаІийна а хир ду шу. Шун латта дассаделла, гІаланаш цІеро ягийна, шун кхаш хийрачу наха дассош ду шун бІаьргашна хьалха. Дерриг а дассаделла, Дела хийрачу нахана тІелетча санна. Цара хьан ялта а, мел болу кхача а дІабуур бу, хьан кІентий а, зудабераш а хІаллакдийр ду, хьан уьстагІий а, стерчий а дІадуур ду, иштта хьан кемсаш а, инжираш а дІакхоллур ю. Цара шайн таррашца хьуна чІагІйина хеташ йолу а, шу сатуьйсуш йолу а массо а гІаланаш хІаллакйийр ю.
Выбор основного перевода