Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шуна къилбехь йолчу яьссачу аренна тІера къилбаседехь долчу Ливанун лаьмнаш тІекхаччалц долу латта лур ду. Шун дозанаш малхбалехь долчу сийлахьчу Эпрат-хи тІера, хьетахойн латта чу а лоцуш, малхбузехь болчу боккхачу хІорда тІекхаччалц хир ду. Берриг а Исраил-махкана тІегІоьртира Шалманесар. Шамран-гІалина тІе а веана, кхаа шарахь го бина латтийра цо и гІала. ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. Шайн массо а хІума схьагулде, Ярушалайман бахархой. Кестта гІалина го бийр бу! Везачу Эло боху: «ХІокху лаьтта тІера лаьллина дІа а дахийтина, Аса хІара къам цхьана готтачу метте чулоллур ду, шен лазар цунна хаадаллалц». И де – оьгІазаллин де ду, гІайгІанан а, гаттаман а де, бохаман а, дассоран а де, боданан а, Іаьржаллин а де, мархийн а, дахкаран а де, коьман маІа лекхаран а, тІеман цІогІа тохаран а де. ТІелатарш хир ду чІагІйинчу гІаланашна а, лекхачу бІаьвнашна а дуьхьал.
Выбор основного перевода