хьуна гІо деш волчу хьан ден Дала, хьо декъалвеш волчу Нуьцкъалчо. Лакхарчу Шен стигалшца а, лахарчу латтанашца а, кІайн кхача лучу накхошца а, ховхачу кийранашца а декъалвойла хьо Нуьцкъалчу Дала.
Хенал хьалха бер хуьлуш а, бер ца хуьлуш а зударий хир бац хьан махкахь. Хьан дахар а деха хуьлуьйтур ду Ас.
Дукха бераш хилийта, Цо уьш декъал а бо, церан даьхнеш Цо лагІ а ца долуьйту.
Везачу Эло декъалваро хьал дахьа, ткъа къахьегаро цунна хІумма а тІе ца туху.