Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду Ас, шуна тІаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гІаланаш а йохийна Іохкуш хир ю. Везачу Эло шу массо а халкъашна юкъахь дІасадаржор ду. Везачу Эло шу дІалохкучу къаьмнашна юкъахь шух кІезиг бен дийна дуьсур дац. Аша цигахь кхечу деланашна Іибадат дийр ду. И деланаш адамаша шайн куьйгашца бина хир бу дечигах а, тІулгах а, царна хІумма а ца го, хІумма а ца хеза, цаьрга хІумма а яа ца ло, царна цхьа а хьожа а ца йогІу. Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тІе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тІулгийн а цІушна Іамал йийр ю аша. Цундела Аса шу, кху лаьтта тІера дІа а кхиссина, шуна а, я шун дайшна а девзаш доцучу махка дІадохуьйтур ду. Цигахь лелар ду шу дийнахь а, буса а кхечу деланашна Іамал еш, ткъа Аса шух къинхетам бийр бац“». Цара Со а витина, хІара хийра меттиг яр бахьана долуш хир ду и хІума. Шайна а, шайн дайшна а, иштта яхІудхойн паччахьашна а бевзаш боцучу харцделанашна цара сагІанаш дохура. ХІара меттиг бехк боцучеран цІийца юьзира цара. Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дІаяллалц».
Выбор основного перевода