Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала генарчу халкъашна байракх хьалаойур ю, лаьттан йистошкахь Іачарна билгало лур ю. Хьажал, мостагІа сиха а, атта а схьакхочуш ву! Хьуна кхин гур дац Іаьржа а, ца кхеташ а долу къамел а, тамашийна а, ца бевзаш а болу мотт буьйцу дегала халкъ. Исраилан халкъ, – боху Везачу Эло, – Аса кхуза генарчу махкара къам далор ду, иза шуна тІелатийта. Иза, ницкъ болуш, шира къам ду. Цуьнан мотт хьуна ца хаьа, цо бохучух хьо кхетар дац. Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехьара тІедогІуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тІаме кечам беш ду доккха къам. Иштта боху Везачу Эло: «Хьажал! Стигалара тІееанчу аьрзуно санна, мостагІаша шайн тІемаш дІасадохуьйтур ду Муаби-махкана тІехула. Церан говраш цІоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богІу, церан дошлой геннара схьабогІу. Ижуна тІекхета аьрзу санна, тІемабевлла схьабогІу уьш.
Выбор основного перевода