Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хІара весеташ аш кхочуш ца дахь, Амма, шун Везачу Дала делла массо а ваІда кхочуш-ма-хиллара, Шен кхерамаш а кхочушбийр бу Цо. ТІаккха Ша деллачу исбаьхьчу лаьтта тІера Цо тІепаза дойур ду шу. qac Сqac*интем боцуш Везачу Эло Шен дош кхочушди, хьалххе дуьйна Ша хьедина ма-хиллара. Хьо къизаллица Цо хІаллакйи, Ширачу хенахь Ша билгал ма-даккхара. И мостагІчунна хазахийти. Хьо цаезначийн ницкъ айи. «Нагахь санна аша ла ца догІахь, нагахь санна Сан цІе лара шу доггаха тІедирзина дацахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас шуна неІалташ а кхайкхор ду, шун декъалдаршна сардамаш а духкур ду. ХІинцале а шуна сардам боьллина Ас, аша шайн дегнаш Суна тІе ца дерзийна дела.
Выбор основного перевода