Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриг а Мисар-махкахь цу овкъарх чан а гІаьттина, адамашна а, даьхнина а, ноткъа а еш, чевнаш хир ю». букъ хьала ца нислуш волчунна, лохачунна, бІаьрган цамгар йолчунна, чераш долчунна, чкъуран цамгар йолчунна, бехке меттехь чов йиначунна. Мисархошна кхетта долу, шу кхийрина долу ун хуьлуьйтур ду шуна. Иза летар ду шух. Кху тептар тІехь язйина йоцу муьлхха а цамгар а, ун а хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло, шу хІаллакдина дІадовллалц. Ас шуна Мисар-махкахь хиллачух цамгаран ун тІедаийтира. Шун кегий нах туьраца хІаллакбора Ас, дой йийсаре дІа а лохкуш, шун меттаметтанашкара боьха хьожа шун мерІуьргашка еттайолуьйтура. ТІаккха а Суна тІе ца дирзира шу», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода