Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас Сайн оьгІазло шуна дуьхьал яссор ю, тІаккха шу мостагІаша эшор ду. Шуна тІехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тІаьхьаваьлла цхьа вацахь а. Вовшах тийса а луш, галдевр ду шу туьрах девдча санна, шайна тІаьхьаваьлла цхьа а воццушехь. Шайн мостагІашна дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун. Шуна дуьхьалгІевттина мостагІий эшор бу Везачу Эло: цхьана новкъахула шуна дуьхьалбевр бу уьш, ткъа ворхІ новкъахула шух бовдур бу уьш. Эзарна тІаьхьа цхьа мостагІа муха валалур вара, шина мостагІчуьнга итт эзар исраилхо муха дІавадийталур вара, нагахь санна церан Тархо уьш ца боьхкича, нагахь санна Везачу Эло уьш кара ца белча! ТІаккха Веза Эла оьгІазвахара ЯхІудан а, Ярушалайман а бахархошна. Нах Іада а бойтуш, инзар а болуьйтуш, белам бойтуш а хІума царах йира Цо, шуна шайна ма-гарра. Дуьненан массо а кхечу пачхьалкхашна ирча масал дина дІахІоттор ю Аса Ярушалайм, яхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІун кІанта Маннаша динарг бахьана долуш. Дуьненан массо а пачхьалкхашна Аса царах инзаре а, вон а хІума дийр ду. Аса уьш дІалаьхкина йолчу массо а меттехь атта хоьтуьйтур бу, царах масалш а далош, нах кхордуьйтур бу, церан цІераш а йохуш, неІалташ кхайкхадойтур ду. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Схьагулъе адамийн тоба, цаьрга УхІулатна а, УхІулибатна а тІехь ницкъ байта а, къола дайта а.
Выбор основного перевода