Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела Аса церан зударий кхечарна дІалур бу, церан кхаш а лур ду кхечарна дІа. КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Наха кІа дІадийна, амма лаьтта тІера коканаш схьадаьхна. Цара къахьегна, амма цунах пайда ца эцна. Цара гулдинчу ялто шаьш юьхьІаьржачу хІиттабо, Веза Эла чІогІа оьгІазвахана хилар бахьана долуш». Иштта аша мисканиг охьа а теІош, цуьнгара ялтица совгІаташ а дохуш, шайна хьаькхначу тІулгех цІенош дийр ду, амма царна чохь дехар дац шу. Кемсийн бошмаш кхиор ю аша, амма царах даьлла чагІар мер дац, Церан хьал хІонс санна схьадоккхур ду, церан цІенош а дассор ду. Цара цІенош дІахІиттор ду, амма царна чохь баха ховшур бац уьш, цара кемсийн бошмаш кхиор ю, амма царах даьккхина чагІар муьйлур дац».
Выбор основного перевода