Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шуна таІзар дийр ду. Кхерам а, хІоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тІе. Цара шун бІаьрса а гІелдийр ду, синош а бІарздийр ду. Аш ялта дІадер эрна хир ду, шун мостагІаша иза дуур долу дела. Шух дийна бисначеран дегнашка кхерам тосур бу Ас, уьш мостагІийн мехкашкахь Іачу хенахь. Дегочу гІанан гІовгІанах а бовдур бу уьш. Туьрах санна, бовдур бу уьш, охьа а оьгур бу, цхьа а тІаьхьа ца ваьллашшехь. Цара хьоьга хаьттича: „Ахьа узарш стенна до?“ – ахьа ала деза: „Вайна тІекхочуш болу хаам бахьана долуш до. Иза тІекхаьчча, хІораннан дог, Іадийна, дешар ду, массеран а куьйгаш, чуьра са дІадаьлча санна, охьагІур ду, хІораннан а са кхачалур ду, голаш, хи санна, егор ю. ЛадогІа, и хаам тІекхочуш ма бу, иза кхочушхир ма ду“». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Нагахь санна, шайн мостагІашна хьалха а бевлла, уьш йийсаре гІахь а, цигахь а Ас туьре омра дийр ду, уьш байа аьлла. Ас Сайн бІаьргаш, царна диканна а ца хьажош, бохам бан тІехьажор бу».
Выбор основного перевода