Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шуна таІзар дийр ду. Кхерам а, хІоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тІе. Цара шун бІаьрса а гІелдийр ду, синош а бІарздийр ду. Аш ялта дІадер эрна хир ду, шун мостагІаша иза дуур долу дела. Нагахь хІокху лаьтта тІе адамашна я мацалла тІеягІахь, я адамаш хІаллакдеш цамгарш кхетахь, я, мел долу хІума дагош, бовха мох балахь, я адамаша дийна долу дерриге ялта а мекхано диъна дІадаккхахь, я цІоз, я нІаьна тІелатахь, я шайн лаьтта тІехь адамаш Іен ца дуьтуш, мостагІа тІегІортахь, я муьлхха а бохам хилахь, я ун кхетахь, «Ас чахчош болу мох боуьйтура шун ялташ тІе. ЦІазо йоура шун бошмаш а, кемсийн аренаш а, комарийн а, зайт а дитташ а, делахь а Суна тІе ца дирзира шу. Шун куьйгаша мел динчунна Ас кІен кІора а, мекха лацар а, къора тохар а нисдолуьйтура. Амма тІаккха а Суна тІе ца доьрзура шу, – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода