Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІусамдас Юсуп куьйгалла дан хІоттийчхьана дуьйна, Везачу Эло декъалйира мисархочун хІусам Юсупан дуьхьа. Везачу Элан беркат доьссира Патипаран долахь долчунна дерригенна а тІе: цІенна а, аренна а. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ирс долуш ву, Делах а кхоьруш, Цуьнан некъашца лелаш волу стаг! Шен куьйган къинхьегамца даьккхинчух вахалур ву иза, ирс долуш а, беркате а хир ву иза. ТІаккха цуьнан цІа чуьра цуьнан зуда а хир ю, стом луш йолу кемсийн таьлланг санна. Оцу стага дІадоьгІначу зайт-диттан гаьннаш санна, цуьнан бераш а хир ду цуьнан шуьнна гонах. Иштта декъал хир ву Везачу Элах кхоьруш волу стаг!
Выбор основного перевода