Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
тІаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цІе язъяйта къобалдина долу цІа а дІадоккхур ду Ас. ТІаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дІахІуттур ду Исраилан халкъ. Халкъашна юкъахь кицанна а даладойтуш, дІахІиттий Ахь тхо. Кхечу къаьмнашка кортош а лестадойтуш, тхох кхардам бина, дІахІиттий Ахь тхо. Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Къа ду цІий Іанадечу гІалин. Ас-Айса йоккха цІе латор ю.
Выбор основного перевода