15
ЦІераш яьхначу исраилхойн веа куьйгалхочо, шаьш йийсаре дуьгучу халкъана юкъахь берзина хилла болчарна, хІонсана юкъара схьаэцна бедарш а тІеюьйхира, царна мачаш а елира. Иштта юург а, мерг а елира, зайтдаьтта а хьаькхира царна. Царах гІора доцурш берриш а, варрашна тІе а ховшийна, шех хурма-диттийн гІала олучу Ерихоне, церан вежарий болчу, дІахьажийра, ткъа шаьш Шамран-гІала юхабирзира уьш.