Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогІахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тІедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тІе яхкийтинчу цамгарех шуна тІе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хІунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча». Мисархошна хилла йолу даьІнаш долу цамгар а, дестар а, соьла оьху даьІнаш а, кІамдар а кхоьтуьйтур ду шуна Везачу Эло. Дарба ца далуш хир ю и цамгарш. Ас шуна Мисар-махкахь хиллачух цамгаран ун тІедаийтира. Шун кегий нах туьраца хІаллакбора Ас, дой йийсаре дІа а лохкуш, шун меттаметтанашкара боьха хьожа шун мерІуьргашка еттайолуьйтура. ТІаккха а Суна тІе ца дирзира шу», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода