Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а Со дуьхьалвеана „Нуьцкъала Дела“ цІе а йолуш, ткъа „Веза Эла“ бохучу цІарца Ас царна Со вовзийтина вац. Цара хастам бойла Хьан цІарна, иза сийлахь а, ларам бузуьйтуш а ю, Дела веза ма ву! ХІунда аьлча Аса кхоьллина долу шен бераш шена гича, Якъубан тІаьхьено еза лорур ю Сан цІе. Якъубан Веза Дела цара веза лорур ву, Исраилан Далла хьалха уьш ларамах буьзна хир бу. НеІалт хуьлда, шен жена юкъахь сакхт доцу боьрша уьстагІ боллушехь, Хьалдолу Эла волчу Суна и уьстагІ сагІина бан ша чІагІо йина йоллушехь, сагІина лерина сакхт долу дийнат дуьйш волчунна – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХІунда аьлча Со сийлахь-воккха Паччахь ву. Сан цІе а ю халкъашна юкъахь кхераме».
Выбор основного перевода