Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела со а кхаьрдар ду шуна тІедеанчу вонах, со доьлуш хир ду, шу Іадийна дІахІиттича – Жимачу стага йоІстаг ма-яллора, хьан кІенташа хьан дола дийр ду. Зудаялош верг шен нускалх воккхавеш ма-хиллара, иштта хьан Дела а хьох воккхавеш хир ву. Везачу Эло иштта боху: «Аса дуьйцур ду хьуна исраилхойн лулахошна Айса ден дерг. И нах чІогІа вон нах бу, уьш Аса исраилхошна делла долчу латтанашна тІелетта. Аса уьш шайн мехкашкара аракхуьссур бу, царна юккъера ЯхІудан тІаьхье схьайоккхур ю. Со царах сакъералуш хир ву, царна Айса дика дечу хенахь. Сайн даггара а, сайн синера а болчу лаамца Ас уьш хІокху лаьтта тІе чІагІбина баха охьаховшор бу». Иштта дІаала цуьнга, Ярми-ЯхІу: ‘Везачу Эло боху: ‹Айса мел хІоттийнарг а Ас дохор ду, Айса дІа мел йоьгІнарг а орамашца схьайоккхур ю. Иза Ас дерриг а махка тІехь дийр ду. ТІаккха, Сан оьгІазалла чекхъяьлча а, Сан дералла царна тІехь йисча а, Со Іебар ву. Царна тІехь йолу Сан моха чекхъяьлча, царна хуур ду Со – Сайн эмгараллехь вийцина волу Веза Эла хилар. Шун Веза Дела шуна юкъахь ву, Иза шу кІелхьардоху тІемало ву. Шух сакъералуш воккхавер ву Иза, Шен безамца шу карладохур ду Цо, шух воккха а веш, йиш локхур ю Цо».
Выбор основного перевода