Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шуна таІзар дийр ду. Кхерам а, хІоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тІе. Цара шун бІаьрса а гІелдийр ду, синош а бІарздийр ду. Аш ялта дІадер эрна хир ду, шун мостагІаша иза дуур долу дела. Ахь тхуна тІехь хІиттийна болчу паччахьийн кара лаьтто шортта кхиъна ялта чудоуьйту, оха летийна къинош бахьана долуш. Тхан догІмашна тІехь олалла до цара, ткъа церан карахь ду тхан даьхни. Цара тхуна тІехь шайна луъург леладо, цундела тхо йоккхачу гІайгІанехь ма ду. Везачу Эло чІагІо йина Шен аьтту куьйгах а, Шен нуьцкъалчу пхьаьрсах а: «Хьан ялта кхин лур дац Ас хьан мостагІашна кхачанна, кхечу къаьмнийн наха хьан чагІар а мер дац, ахь шена тІехь болх бина долу. Цара хьан ялта а, мел болу кхача а дІабуур бу, хьан кІентий а, зудабераш а хІаллакдийр ду, хьан уьстагІий а, стерчий а дІадуур ду, иштта хьан кемсаш а, инжираш а дІакхоллур ю. Цара шайн таррашца хьуна чІагІйина хеташ йолу а, шу сатуьйсуш йолу а массо а гІаланаш хІаллакйийр ю.
Выбор основного перевода