Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогІахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тІедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тІе яхкийтинчу цамгарех шуна тІе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хІунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча». Цуьнга ла а дугІуш, Ас мел бохург ахь кхочушдахь, хьан мостагІийн мостагІа хир ву Со, хьуна дуьхьал волчунна дуьхьал а хир ву. Нагахь Сан парзашца шу лелахь, Сан весеташ, лар а деш, аш кхочушдахь, «Нагахь санна аша оцу хьехамашка ладогІахь, уьш ларбахь, кхочушбахь, тІаккха шун Везачу Дала, Ша шун дайшка ваІда дина ма-хиллара, Ша шуьца бина безаман барт ларбийр бу. Шу дезар а ду, шу декъал а дийр ду, шу доьбуьйтур а ду Цо. Шун кийрахь верг а декъалвийр ву, шун латто луш дерг – ялта а, чагІар а, зайтдаьтта а – декъалдийр ду, шун бежанийн эсий а, жийн Іахарий а декъалдийр ду Цо шун дайшка шуна лур ду аьллачу лаьтта тІехь. Массо а халкъел декъалдина долу халкъ хир ду шун халкъ. Шун халкъана юкъахь хир вац бер ца хуьлу стаг, берах ца хуьлу зуда, шун даьхнина юкъахь а хир дац иштта дерг. Везачу Эло лардийр ду халкъ массо а цамгарх. Мисар-махкахь шуна девзина долу цхьа а луьра ун кхоьтуьйтур дац шух, амма шу ца дезачарна массарна тІе далор ду иза. Шун Везачу Дала шайн кара дІалуш долу массо а халкъаш аша хІаллакдан деза. Царах къинхетам а ма белаш, церан деланашна гІуллакх а ма делаш, хІунда аьлча уьш шуна дІахІиттийна йолу речІанаш хир ю. Цо чІагІо йина, Ша мел кхоьллинчу халкъел шу лакхара а дина, сий а, сийлалла а, исбаьхьалла а долуш дІахІиттор ду аьлла. Хьан Везачу Далла хьалха, Цо ма-аллара, деза халкъ хир ду хьо».
Выбор основного перевода