Toggle navigation
Главная
Переводы Библии
Комментарии к Библии
Библейские словари и энциклопедии
Новости
Выбор основного перевода
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Сделайте выбор
Комментарии Баркли
Новая Женевская Учебная Библия
Толкование Златоуста
Учебная Библия МакАртура
Толкование Жана Кальвина
Комментарии МакДональда к Библии
Серия комментариев МакАртура
Толкование Мэтью Генри
Толковая Библия Лопухина
Толкование Далласской семинарии
Толкование Блаженного Феофилакта Болгарского
Новый Библейский Комментарий
Комментарии Давида Стерна к Новому Завету
Комментарии Сперджена
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО
Выбор книги основного перевода
Второзаконие
Ветхий Завет
Ветхий Завет
Бытие
Ветхий Завет
Книга Бытие в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Исход
Ветхий Завет
Книга Исход в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Левит
Ветхий Завет
Книга Левит в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Числа
Ветхий Завет
Книга Числа в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Второзаконие
Ветхий Завет
Книга Второзаконие в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иисус Навин
Ветхий Завет
Книга Иисус Навин в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Судьи
Ветхий Завет
Книга Судьи в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Руфь
Ветхий Завет
Книга Руфь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Царств
Ветхий Завет
Книга 1. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Царств
Ветхий Завет
Книга 2. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
3. Царств
Ветхий Завет
Книга 3. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
4. Царств
Ветхий Завет
Книга 4. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Паралипоменон
Ветхий Завет
Книга 1. Паралипоменон в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Паралипоменон
Ветхий Завет
Книга 2. Паралипоменон в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Ездра
Ветхий Завет
Книга Ездра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Неемия
Ветхий Завет
Книга Неемия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Есфирь
Ветхий Завет
Книга Есфирь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иов
Ветхий Завет
Книга Иов в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Псалтирь
Ветхий Завет
Книга Псалтирь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Притчи
Ветхий Завет
Книга Притчи в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Екклесиаст
Ветхий Завет
Книга Екклесиаст в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Песня Песней
Ветхий Завет
Книга Песня Песней в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Исаия
Ветхий Завет
Книга Исаия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иеремия
Ветхий Завет
Книга Иеремия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Плач Иеремии
Ветхий Завет
Книга Плач Иеремии в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иезекииль
Ветхий Завет
Книга Иезекииль в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Даниил
Ветхий Завет
Книга Даниил в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Осия
Ветхий Завет
Книга Осия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иоиль
Ветхий Завет
Книга Иоиль в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Амос
Ветхий Завет
Книга Амос в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Авдий
Ветхий Завет
Книга Авдий в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иона
Ветхий Завет
Книга Иона в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Михей
Ветхий Завет
Книга Михей в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Наум
Ветхий Завет
Книга Наум в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Аввакум
Ветхий Завет
Книга Аввакум в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Софония
Ветхий Завет
Книга Софония в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Аггей
Ветхий Завет
Книга Аггей в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Захария
Ветхий Завет
Книга Захария в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Малахия
Ветхий Завет
Книга Малахия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Новый Завет
От Матфея
Новый Завет
Книга От Матфея в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Марка
Новый Завет
Книга От Марка в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Луки
Новый Завет
Книга От Луки в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Иоанна
Новый Завет
Книга От Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Деяния
Новый Завет
Книга Деяния в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иакова
Новый Завет
Книга Иакова в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Петра
Новый Завет
Книга 1. Петра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Петра
Новый Завет
Книга 2. Петра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Иоанна
Новый Завет
Книга 1. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Иоанна
Новый Завет
Книга 2. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
3. Иоанна
Новый Завет
Книга 3. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иуды
Новый Завет
Книга Иуды в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Римлянам
Новый Завет
Книга К Римлянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Коринфянам
Новый Завет
Книга 1. Коринфянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Коринфянам
Новый Завет
Книга 2. Коринфянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Галатам
Новый Завет
Книга К Галатам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Ефесянам
Новый Завет
Книга К Ефесянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Филиппийцам
Новый Завет
Книга К Филиппийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Колоссянам
Новый Завет
Книга К Колоссянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Фессалоникийцам
Новый Завет
Книга 1. Фессалоникийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Фессалоникийцам
Новый Завет
Книга 2. Фессалоникийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Тимофею
Новый Завет
Книга 1. Тимофею в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Тимофею
Новый Завет
Книга 2. Тимофею в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Титу
Новый Завет
Книга К Титу в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Филимону
Новый Завет
Книга К Филимону в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Евреям
Новый Завет
Книга К Евреям в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Откровение
Новый Завет
Книга Откровение в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
← Предыдущая
Второзаконие
Следующая →
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
1
«Шу шайн Везачу Деле ладугІуш а хилахь, ас шуна тахана дуьйцуш долу, Цо тІедиллинарг дерриг а кхочушдеш а хилахь, шун Везачу Дала дуьнен чуьра массо а халкъал лакха ойур ду шун халкъ.
2
Нагахь аша шайн Везачу Дала аьлларг дахь, иштта декъалдар хир ду шуна:
3
ГІалахь а, арахь а декъала хир ду шу.
4
Декъала хир ду шух схьадаьлла чкъор, шун лаьттах схьабаьлла стом, шун даьхнех – стерчех а, койх а схьадаьлла дохкана.
5
Декъала хир ду шун ялтин тускарш а, декъала хир ду текхаш а.
Параллельные места
Отсутствуют
6
Декъала хир ду шу чудовлуш а, арадовлуш а.
7
Шуна дуьхьалгІевттина мостагІий эшор бу Везачу Эло: цхьана новкъахула шуна дуьхьалбевр бу уьш, ткъа ворхІ новкъахула шух бовдур бу уьш.
8
Шун чІоьнашкахь а, шун куьйгаш дІакхеттачу массо а хІуманна тІехь а декъалдар хуьлуьйтур ду Везачу Эло. Ша лур ду аьллачу лаьтта тІехь шу декъалдийр ду шун Везачу Дала.
9
Шун Везачу Дала тІедиллинарг кхочуш а деш, Цуьнан некъашкахула шу лелахь, Цо шуна чІагІо ма-ярра, шух Шен къастийна халкъ дийр ду.
10
ТІаккха дуьнен чуьра дерриг а халкъаш шух кхоьрур ду, Везачу Элан цІе шуна тІехь хилар а гина.
11
Везачу Эло шуна массо а дикачу хІуманна тІехь беркат хуьлуьйтур ду. Дуккха а бераш а хуьлуьйтур ду шун, шортта дохкана а хуьлуьйтур ду. Шуна лур ду аьллачу, шун дайшна Ша чІагІо йинчу лаьтта тІехь шортта ялта а хуьлуьйтур ду.
12
Везачу Эло Шен беркате хазна – стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тІе догІа даийта, шун куьйгаша динчу гІуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хІума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун.
13
Нагахь шун Везачу Дала тІедиллинарг, тахана ас шуьга Іалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цІоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш.
14
Ас тахана бечу хьехамна тІера ма довлалаш, аьтту я аьрру агІор а хьаьвзина, кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал ярхьама».
15
«Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догІахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тІедиллинарг кхочуш а ца дахь, хІокху неІалтех хьалхадевр дац шу:
16
НеІалт хир ду шуна гІалахь а, арахь а.
17
НеІалт хир ду шун ялтин тускаршна а, текхашна а.
18
НеІалт хир ду шух схьадаьллачу чкъурана а, шун лаьттах схьабаьллачу стоьмана а, шун стерчех а, уьстагІех а схьадаьллачу дохканна а.
19
НеІалт хир ду шуна чудовлуш а, арадовлуш а.
20
Шена тІера шу дІадерзарна, аш дечу муьлххачу гІуллакха тІехь Везачу Эло неІалт а, дохар а, вон болх а хуьлуьйтур бу шуна, шу хІаллакьхилла дІадовллалц.
21
Шун доладан тІедоьлхуш долчу лаьтта тІера Ша хІаллакдина дІадаххалц, Везачу Эло лен цамгар кхоьтуьйтур ю шуна.
22
Везачу Эло хІоралла а, хорша а, хьу кхетар а, йокъа а, бовха мох а, мекха а хоьцур ю шуна тІе. Цара хьийзор ду шу хІаллакьхиллалц.
23
Шуна тІехуларчу стигалех цІаста хир ду, бухаларчу лаьттах эчиг хир ду.
24
ДогІанан метта, Везачу Эло чан лур ю шуна, стигалара шуна тІеоьгур ю иза, шу хІаллакьхилла дІадовллалц.
25
Везачу Эло шайн мостагІашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхІ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду.
26
Шун декъий стигаларчу олхазарша, лаьттарчу акхароша а дуур ду, уьш дІакъахкош стаг а воцуш.
27
Мисархошна хилла йолу даьІнаш долу цамгар а, дестар а, соьла оьху даьІнаш а, кІамдар а кхоьтуьйтур ду шуна Везачу Эло. Дарба ца далуш хир ю и цамгарш.
28
Везачу Эло хьерадовлар а, бІарздалар а, Іадор а хуьлуьйтур ду шуна.
29
Дийнан делккъехь са а ца гуш, бІаьрзениг бодашкахь санна, лелар ду шу. Шаьш арабаьккхинчу новкъахь аьтто хир бац шун. Массо а хенахь ницкъ беш а, хьийзош а хир ду шу, цхьаммо а гІо а доккхур дац шуьгахьа.
30
Зуда ялор ю шух цхьаммо, амма кхин стаг вуьжур ву цуьнца дІа. ЦІенош дийр ду аша, амма царна чохь Іийр дац шу. Кемсаш югІур ю аша, амма пайда оьцур бац царах.
31
Шун старана шун бІаьргашна хьалхха урс хьокхур ду, амма аша цуьнан жижиг дуур дац. Шун вир, дІа а йигина, юхаялор яц шуна. Шун уьстагІий мостагІашна дІалур ду, цхьаммо а гІо доккхур дац шуьгахьа.
32
Шун кІентий а, йоІарий а кхечу халкъана дІалур бу. Царна сагатдеш, де дийне мел дели, бІаьрса худалур ду шун, дуьхьало ян а ницкъ хир бац шун.
33
Шун лаьттах схьадаьлларг а, аш къахьегнарг а шуна девзаш доцучу халкъо дуур ду. Массо а хенахь ницкъ беш а, охьатаІийна а хир ду шу.
34
Шайн бІаьргашна гучух хьерадевр ду шу.
35
Голаш тІехь а, настарш тІехь а, когийн айраш тІера хьеюккъе кхаччалц дерза ца доьрзу даьІнаш хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло.
36
Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тІе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тІулгийн а цІушна Іамал йийр ю аша.
37
Везачу Эло шу дахийтинчу мехкашкахь долу халкъаш шух инзардевлла хир ду, шух доьлуш а, шуна вон луьйш а хир ду уьш.
38
Дуккха а ялта дІадуьйр ду аша, амма кІезиг гулдийр ду, хІунда аьлча цІазо дуур ду иза.
39
Кемсаш, дІа а йийна, лелор ю аша, амма царах даьлла долу чагІар а мер дац, кенаш а гулдийр дац, хІунда аьлча нІаьно дІадуур ду уьш.
40
Зайт-диттан стоьмаш хир бу шун лаьтта тІехь, амма даьтта хир дац шун, хІунда аьлча хенал хьалха охьаоьгур бу и стоьмаш.
41
КІентий а, йоІарий а хир бу шун, амма уьш шуна буьсур бац, хІунда аьлча йийсаре буьгур бу уьш.
42
Шун дитташ а, аренашкара ялташ а цІазо хІаллакдийр ду.
43
Шуна юкъахь Іаш волу тІевеана стаг вол-волуш шул лакха хьалавер ву, ткъа шу охьадевр ду.
44
Цо шуьга духалург лур ду, ткъа шун цуьнга дала хир дац. Иза коьртехь хир ву, ткъа шу цІоганехь.
45
И дерриг а неІалташ шуна тІехь хир ду, шуна тІера девр а дац уьш, шу хІаллакьхилла дІадовллалц, хІунда аьлча аш шайн Везачу Деле ла а ца дуьйгІира, Цо тІедиллинарг а, Цуьнан парзаш а кхочуш а ца дира.
46
Шуна а, шун тІаьхьенна а тІехь гуттар а йолчу ханна Дала шуна таІзар даран билгало хилла лаьттар ду и неІалташ.
47
Дерриг а шайн доллушехь, шайн Везачу Далла аш самукъадаларца а, дага чохь даккхийдерца а Іамал ца ярна хир ду иза шуна.
48
Везачу Эло шайна тІеваийтинчу мостагІчунна децар ду шу, меца а, хьогах а, дерзина а, къен а долуш. Дала шун вортанна тІебиллинчу безачу мохьо Іазапехь латтор ду шу.
49
Геннара, дуьненан йистера, халкъ тІехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тІелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна.
50
И нах къиза хир бу, воккханиг а ца лоруш, жиманиг а ца кхоош.
51
Цара шун даьхни а, шун лаьттах схьадаьлла ялта а дуур ду, шу дакъазадаххалц. Шуна бепиг а, чагІар а, даьтта а, стерчий а, уьстагІий а дуьтур дац цара, шу хІаллакдаллалц.
52
Шун массо а гІалина тІе а летта, дерриг а шун лаьтта тІера шун бІобулуш хилла лекха а, онда а пенаш дохор ду цу халкъо. Шун Везачу Дала шуна лучу лаьтта тІехь ерриг а шун гІаланашна тІелетар бу уьш.
53
Шайн Везачу Дала белла болу, шайх схьабевлла кІентий а, йоІарий а буур бу аша, мостагІаша го а лаьцна, шаьш холчохь дисича.
54
Шуна юкъахь хьолехь Іийна волу экам стаг а къинхетам боцуш хьоьжур ву шен веше а, шена хьоме хетачу зудчуьнга а, шеца дисинчу шен берашка а.
55
Ша дууш долчу шен берийн дилха цхьанна а лур дац цо, хІунда аьлча цуьнан хІумма а дуьсур дац, го а лаьцна, мостагІаша массо а гІаланашкахь шу балане лаьцча.
56
Шуна юкъахь томехь а, хьолехь а Іийна зуда, экам хиларна а, хьолехь Іарна а лаьтта ког а баккхаза йолу, къинхетам боцуш хьоьжур ю шена хьоме хеттачу майрачуьнга а, шен кІанте а, йоІе а.
57
Ша дина бераш а, уьш хуьлуш шен дегІах схьакъаьстина беран цІа а лур дац цо нахана, хІунда аьлча дан амал ца хиларна къайлаха дуур ду цо уьш, го а лаьцна, мостагІаша шайн гІаланашкахь шу балане лаьцча.
58
Кху тептар тІехь яздина тІедиллинарг а, хьехамаш а аша кхочуш ца бахь, шайн Везачу Делан сийлахьчу а, буьрсачу а цІарах шу ца кхерахь,
59
Везачу Эло шуна а, шун тІаьхьенна а хала а, инзаре а, дІа ца доьрзу а ун а, луьра а, дІа ца йовлу а цамгарш а кхоьтуьйтур ю.
60
Мисархошна кхетта долу, шу кхийрина долу ун хуьлуьйтур ду шуна. Иза летар ду шух.
61
Кху тептар тІехь язйина йоцу муьлхха а цамгар а, ун а хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло, шу хІаллакдина дІадовллалц.
62
Стигалара седарчий санна, шу дукха хиллехь а, кІеззиг бен дуьсур дац шу, хІунда аьлча шайн Везачу Деле ла ца дуьйгІи аш.
63
Шу алсам а дохуш, шуна диканиг деш самукъа-ма-даллара, шу хІаллакдеш а самукъадаьлла хир ву Веза Эла. Шайн дола баккха тІедоьлхуш болчу махкара а лохкур ду шу.
64
Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша.
65
Цу халкъашна юкъахь синтем хир бац шуна, садаІа меттиг хир яц шуна, Везачу Эло дагахь кхерам а, сингаттам а, бІаьргашкахь кІаддалар а латтор ду шуна.
66
Шун дахар гуттар а кхерамехь хир ду, дийнахь а, буса а синтем боцуш, хиндолчух бІобулуш хир дац шу.
67
Дагахь лаьтташ кхерам хиларна а, шайн бІаьргашна гуш долчунна а Іуьйранна аш эр ду: „Суьйре тІекхачахьара-кх!“ – аьлла, ткъа сарахь эр ду: „Іуьйре тІекхачахьара-кх!“ – аьлла.
68
Ас кхин цкъа а шуна иза гур бац аьллехь а, Мисар-махка юхадуьгур ду шу Везачу Эло хІордкеманаш тІехь. Цигахь шайн мостагІашна дохкалур ду шу, леш а, гІарбашаш а хилла, амма шу оьцуш цхьа а хир вац».
← Предыдущая
Второзаконие
Следующая →
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
Выбор основного перевода
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО